Мадинат
Мадинат المدينة المنورة |
|
Пачхьалкх | |
---|---|
Координаташ | |
Йиллина | |
Майда |
589 км² |
ХӀордан сизал локхалла |
608 м |
Бахархой |
1 102 728 адам (2010) |
Сахьтан аса | |
Официалан сайт | |
Картан тӀехь |
Мадинатуль Мунавварат (Ӏаьр. المدينة المنورة — нуьре Мадинат-гӀала) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Хьиджаз олучу кӀоштан гӀала ю. Бахархойн дукхалла — 1 102 728 адам. (леррана 2010 шарахь)[1]. Мадинат яра Мухьаммад пайхамаран юьрт. Цундела олура цунах «пайхамаран юьрт».
Истори[нисъе | нисъе чухулара]
622-чу шарахь иман диллинчех шеца 70 стаг а волуш, стундеца Абу Бакарца, девешица Хьамзатца цхьаьна Ясрибе (Мадинат) дӀакхелхина Мухьаммад пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Мадинату-н-Набави (Пайхамаран гӀала) аьлла цӀе йоккху цунах цул тӀаьхьа.
Мадинат гӀалина гена йоцуш йолчу Бадрехь 624-чу шарахь дуьххьара тасадалар хилла Маккин элийн эскаран а, бусалба нехан а. Кхузахь кӀезиг хилла бусалбанаш, амма уьш тоьлла. Бекхамна кечам беш 10 эзар дошло вовшахтоьхна маккахоша. Бусалбанаш 2 эзар стаг бен ца хилла, делахь а, Рум-лам тӀехь йолчу гӀоьпехь гӀазот а дихкина, дуьхьалбевлла уьш мостагӀчунна. Оцу тӀамехь бусалбанаш эшийна. Къаьсттина цавезаш хилла маккахошна майра а, доьналла долуш а волу Хьамзат. ТӀехьашха тоьхна охьа а виллина, гобина пхьарс боккхуш, ност йоккхуш, корта боккхуш, къиза вийна цара иза. Чов хилла Мухьаммад пайхамарна а. Бусалба нахана тӀехь толам баьккхинехь а, шаьш а дукха хӀаллакьхилла маккахой.
Цундела Мадинат ца яккхалуш бухабевлла уьш. ТӀом дӀабаьлча, байина асхьабаш дӀабухкуш, Хьамзатан дакъа карош ца хилла.
— ТӀеман зурма лакха, — аьлла хьехардина боху бухабисинчу асхьабаша.
— Зурма лекхча, цуьнан меженаш меттах ца хьовш Ӏийр яц, — аьлла. ТӀеман зурма лекхча, етталуш, тӀеттӀа яхана боху Хьамзатан меженаш. Ухьуд ломана уллохь шерачу арахь дӀабоьхкина гӀазотехь белларш. Оццу кешнашкахь дӀавоьллина ву Хьамзат. Цуьнан коша гонах дехкина тӀулгаш ду. Коьртехь болу цхьа тӀулг жимма боккха а болуш.
ХӀокху агӀонан тӀехь хьажоргаш яц.
Яздинарг талла йиш йолуш хила деза, ткъа яцахь иза дӀадаккха там бу.
Хьа йиш ю хӀара агӀо таян , авторитет йолу хьосташ тӀетоьхна. |
Климат[нисъе | нисъе чухулара]
Климат Мадинатан | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | Шо |
Юьззина максимум, °C | 35,2 | 36,0 | 37,4 | 39,5 | 42,6 | 46,4 | 47,7 | 47,0 | 42,5 | 38,5 | 36,6 | 34,5 | 47,7 |
Юккъера максимум, °C | 23,6 | 26,1 | 30,2 | 33,9 | 38,9 | 41,7 | 39,3 | 42,2 | 41,0 | 36,4 | 29,7 | 25,0 | 34,0 |
Юккъера температура, °C | 17,7 | 19,9 | 23,8 | 27,6 | 32,2 | 35,8 | 36,0 | 35,9 | 34,4 | 29,4 | 23,4 | 19,0 | 27,9 |
Юккъера минимум, °C | 11,6 | 13,3 | 17,4 | 20,8 | 24,9 | 27,9 | 28,4 | 28,7 | 27,1 | 21,9 | 17,2 | 12,9 | 21,0 |
Юьззина минимум, °C | 0,0 | 4,6 | 7,4 | 10,0 | 18,8 | 21,0 | 25,7 | 25,5 | 22,9 | 15,5 | 10,6 | 8,2 | 0,0 |
Йочанан норма, мм | 8 | 1,2 | 8,3 | 11,9 | 4,6 | 0,4 | 0,2 | 0,3 | 0,1 | 1,1 | 9,2 | 3,8 | 49,1 |
Хьост: World Climate |
ГӀалин панорама (сурт)[нисъе | нисъе чухулара]
Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]
Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]
- ↑ Saudi Arabia: largest cities and towns and statistics of their population World Gazetteer (ингалс.)(нем.)(Франц.)(испан.)